E
erna.du
@ernaduone453 подп.
128просмотров
28.3%от подписчиков
27 марта 2026 г.
Score: 141
Хабаев Исмаил. “Дуьненчу вала везачуьнга”: - ДогIанан тIадам лаьтта тIе кхаччалц бен тIадам цахилар, - Айхьа йина чIагIо ца йохо а чIагIо йан йезаш хилар, - Стаг хийцалуш цахилар – стаг гучуволуш хилар, - Цецвала хIумма а цадисар бен цецвала хIума цахилар, - Хан лееш хIилла цахилар, - ДогцадогIуш вела дезар – да-нана дIадаьлча велхарал хала хилар, - Наха вистхуьлуш тергалвеш воцург – вистхуьлуш ца хилар, - Унах ларвала ун довза дезаш хилар, - Сингаттам – и хьуна сингаттам хетачул бен сингаттам цахилар, - Даим воьлхушверг – воьлхуш цахилар, - Хьуна гушдерг – хьуна гучул сов хилар, - Хазалла бIаьрсина бен оьшуш цахилар, - Хьан багара ара мел долу дош –хьан цIе хилар, - Хьо-хьуо вехачу заманан теш бен цахилар, - Тур тоьхна йа топ тоьхна стаг вийча – тоьпан а, туьран а бехк цахилар, - Стеган мах уггар лаккхара хадошйерг – стеган Iожалла хилар, - Дахар – Дала дохковала йелла хан хилар, - Къайленаш цхьанне а йевзаш цахиларца гIарайевлла хилар, - ХIара къамел иштта кхидIа а дIадахьа йиш йолуш хилар - Хуур ду-кх хьуна хьуо дуьненчу ваьлча.
128
просмотров
1068
символов
Нет
эмодзи
Нет
медиа

Другие посты @ernaduone

Все посты канала →
Хабаев Исмаил. “Дуьненчу вала везачуьнга”: - ДогIанан тIадам — @ernaduone | PostSniper