M
MOMSAR
@momsarr2.7K подп.
576просмотров
21.7%от подписчиков
26 марта 2026 г.
Score: 634
Бисмиллахӏ Цхьанна хӏуманна тидам бан деза вай, тӏаьххьара ӏийд дийнахь вовше декъала беш ара бевлла нахах цхьа тоба йара шайна хьалха ваьлла цхьа робот волуш. Цул хьалха масех шо хьалха, йа вайн, йа гӏалгӏайн, йа суьйлийн махкахь мичахь дара ала ца хаьа суна.. Кадам беш хиллехь а хаац доӏа деш наханна юкъахь лаьтташ спайдерман вара ши куьг а лаьцна, кхечанхьа халк, бэтмэн гина бохуш дуьйцура.. Ӏийда дийнахь самукъа далар, даккхар а ша ду, амма цхьа жухаргаш (клоунаш) санна лела ца оьшу. Цул совнаха кериста наха шайн кинош чохь юкъа яьхна йолу и "турпалхой" схьа а лоьцуш. Аллахӏа делла долу ниӏматан шукар дар иза Цунна муьтӏахь хуьлуш леладеш хуьлу, Цунна ӏеса хилар цу ниӏматанна пусар цадар ду. Ӏийд вайна самукьа даккха делла ниӏмат ду, самукъа даккха деза иза пайда боцчу ца доккхуш. Цу тӏе даьлча кериста нехан хеллоуин дац вайн ӏийда, вуно цӏена, оьзда ӏийда ду. 7 Шавваль 1447 хӏ.ш. =25.03.2026 ш.
576
просмотров
916
символов
Нет
эмодзи
Нет
медиа

Другие посты @momsarr

Все посты канала →
Бисмиллахӏ Цхьанна хӏуманна тидам бан деза вай, тӏаьххьара ӏ — @momsarr | PostSniper