535просмотров
20.2%от подписчиков
26 марта 2026 г.
Score: 589
Хӏара забар яц, баккъалла а шен хенах беркат ца хуьлу аьлла хетачуьнга, йа эрна хана йойъу ша бохуш волчуьнга цхьа хьехар ду са: Хьуна шадерг цхьа хаза кехат тӏехь яздеш йиллина планер ца оьшу, хьуна оьшург цхьа хала болх бу, масала керт аха, хьайн хӏусамехь, декъа тӏехь, бешахь шортта карор ду хьуна дан дезарш. Тӏаккха хьо болх бан ара валале цхьа сахьт билгал де хьайна жайна деша. Ахьа и ойла йеш, хьай хӏора минот кхоаеш доьшуш хьажа хьо.. Ахьа сих-сиха телпо чу хьоьжуш хан а йойъура йац хьуна. Иштта ӏамо деза шен дегӏ.